Гелдганхоша Жовхар т1еэцарх лаьцна

Апрель 24, 2017

Bildergebnis für докудаев

«Джовхар г1азотехь кхелхина 21 шо кхачар дагалоцуш - цуьнан сийна».

23-25. 11. 1990 шарахь Соьлжа - Г1алахь хиллачу нохчийн къоман Гуламан (ОКЧН) декъашхо хилла ву со. Т1аьхье беркате яр доьхуш до1а а дина, дуьххьарлера дош Завгин Доккас а олуш — д1аболийра цу Гуламан болх. Цо дина къамел векалша къобал дар дагадог1у суна.

Цу Гуламехь т1еэцна коьртачех сацам бара: «Нохчийн къам, кхидолу къаьмниш санна, маьрша хила лууш ду“ - аьлла. Гуламо т1еэцна сацамаш чекхбаха Исполкоман декъахой харжар т1едиллира Нохчийчуьра кошташкара векалшна.

Цул т1ехьа, ши де даьлча, Верховни Совето и сацам ч1аг1беш, цу хьокъехь Деклараци т1е а ийцира. И Деклараци къобал а йеш Горбачевс, Ельцина хаам баийтира.
Кхузахь ала дог1у, 1едалехь, цу хенахь, нохчи къезга хиларна, 1едалан коьртехь болчу оьрсаша т1еоьцур болуш сацам бацара нохчийн Гуламо бинарг.
Гуламо бина сацам ч1аг1 а беш, Деклараци т1еэцнехь а, Верховни Совето и Деклараци кхочуш ян 1алашо шен йоций хаийтара цул т1аьхьа дукха хан а ялале.
Нохчийчохь иштта х1оьттина хьал а долуш, Исполкоман декъахоша: «Эскаран мог1арера парг1ат ваккхахьара»- аьлла, Язовга дехар а дина, цо эскарера парг1ат а ваьккхина, Нохчийчу юха веара Жовхар.
Хьаьбибан Сулиман а, Зелимхан Вахула а, Хучин Ахьмад а 23-25. 11. 1990 шарахь нохчийн къоман хиллачу Гуламан декъашхой бара. Вахула-м т1аьхьа Исполкоман декъахо а хилира. Маршонна г1евтинчу нохчийн боламна тешаме накъост вара Вахула. (Шолг1а т1ом болабелча, мостаг1аша, Гуьмсехь лаьцна д1а а вигна, лар йоцуш вайина иза. Дала г1азотехь дойла цуьна кхалхар!).
Соьлжа - Г1алахь хиллачу Исполкоман Гуламехь дакъа а лаьцна, цигара ша ц1авог1уш, Ахьмадг1ера х1усаме веара Вахула. Сархьо дара иза. Цо Ахьмадна довзийтира Исполкоман Гуламехь дина дийцарш а, къоман маршонан боламна коьрте Жовхар харжар а.
Дагадог1у суна, х1етахь цо аьлла дешнаш:«Хетарехь, баккхий хийцамаш бу Нохчичохь хила тарлуш. Маршонна юкъ йихкинчу нохчашна хьалха а волуш, шен са ца кхоош - къам маршоне кхачо къахьега нигат ди Жовхара. Оццул хала, беза мохь шен белшашна т1е а оьцуш, Жовхара доьналлийн г1улч яьккхича, вай ма дац 1ан йиш йолуш - дол-долчохь цуьнан накъостий ца хуьлуш.
Жовхар а, цо т1елаьцнарг а нахана довзийта, ярташка а вуьгуш, адамашна хьалха и вистхилийта веза, аьлла хета суна. И тайпа кечам юьртахь бан хала хир ду тахна, вайн ницкъаш к1езиг хиларна. Вайна ма хаъара, Нохчийчохь 1едал завгаевг1аргахь ду - г1елделла делахь а. Жовхар юьрта а кхайкхина, юьртахой вовшах а тухуш, Гелдганахь дуьххьара и т1еэца а, цунна хьошалла дан а аьтту хирбари-те вайн? Ахьа иза хьайна т1елаьцча, вайга и г1уллакх далург хиларх тешна, хьоьца дагавала веъна со» - иштта Ахьмаде вистхилира Вахула.
Вахулийна дика доьвзара Гелдганахь долу хьал. Юьртан депутатийн Кхеташонан председатель вара иза.
Вахулас аьлларг къобал а деш: «Жовхара шена т1елаьцначу декхаро, х1ора нохчо а декхарийлахь во - цунна тешаме накъост хила. Верг а, воцург а гучаволу хан ю, нохчийн къоманна т1ейог1ург. Жовхар санна волу яхь йолу нохчий т1еэцар юьртана а сийлахь ду. Ахьа а, Сулиманас а дан дезарг, Жовхарца барт бар а, иза Гелдгана вог1у де билгалдаккхар а ду» - Ахьмада а олуш, д1а-схьа къаьстира и шиъ.
Вахулас деънарг хьахош, шен деца, Хучица, дагавелара Ахьмад. Нохчийчохь долу хьал а, Жовхар юьрта вало кечам беш, цунна совг1атна дала верта эцар а, кхин а дан леринарш а довзийтира Ахьмадас шен дена. Ахьмадан да, Хуча, нахана вевзаш а, хийла нехан дика-вон дерзош къахьегна стаг вара. Могшалла дика яцахь а, амма дуьне девзина а, кхетамна ира а вара иза. Москохахь а, Нохчийчохь а хуьлуш болу хийцамаш бовза лууш хуьлара и. Большевикийн 1едало 1934-1937 шерашкахь, бехк - гуьнахь а доцуш, лаьцна д1а а бигна: деден ваша Дильмха а, деваша Т1ут1а, да Ахьмад а каш доцуш х1аллакбинера цуьнан.
«Шен хенахь Шайх Мансурас а, Таймин Биболатас а, 1аьлбиг - Хьаьжас а, Iовдин Iелас а, кхин а нохчийн къоман къонахоша д1акхехьна, хала некъ бу Жовхара шена т1елаьцнарг. Кийрахь яхь йолу нохчо, Делан дуьхьа, шен г1оране хьаьжжина, г1о-накъосталла деш хилавеза цунна. Жовхар Гелдганахь т1еэца а веза, цунна, кхоччуш, хьошалла дан а деза. Бакъхьа хир ду цунна, юьртан ц1арах, верта далар а…Могшалла яцахь а, Жовхаре ладог1а со а вог1ур ву. Могшалла елхьара Соьлжа - Г1ала а г1ур вара, цунна т1е а кхочур вара... Иза юьрта кхайкха ца луурш а хир бу, вайна ма хаъара. Жовхаран юьртахошца вовшахкхетар ца хилийта новкъарло ешверг валахь, к1еда-мерза олуш, собарца, и кхето веза. Цакхетарг хилахь, иза сацо а везар ву. Эвхьазлонаш дика хир яц цигехь.... Дика кечам бан беза цу г1уллакхана. Гагалан 1ахе а, Юьнcа - Хьаьжин Хьаьбибе а, 1алавдин Вах1абе а т1екаре ян еза. Цаьрга, соьгара ду але, цигахь дакъа лаца а, раг1 кхаьчча, бистхила а ала. Дала т1аьхье беркате йойла» -олуш, кхиболчу Гелдганара баккхийчеран ц1ераш а йохуш, шен къамел дерзийра Хучас.
Шен дас дина хьехар тидаме а оьцуш, Жовхар Гелдганахь т1еэца кечам бира Ахьмадас. Хучас ма- аллара, юьртара бакхийчаьрца а, кегийрхошца а дага а волуш, дадезарш билгадехира цо…1аьржачу басахь верта а кечдира…
Асаран беттан шолг1ачу декъехь, 1991 шерахь дара иза. «Жовхар юьрта вог1у» - аьлла, хаам а хилла, цу дийнахь юьртахой клубе схьагулбелира. Йилланчу хенахь, Сулиман а, Вахула а, шайца Жовхар а, кхин а хьеший болуш, схьакхечира. Г1еххьа схьагулбелла гелдганхой, Жовхаре маршалла а хоттуш, цуьнца г1иллакхе бевлира. Жимма хан а ялийтина, т1ебог1урш т1е а бахкийтина, Гуламо болх д1аболийра. Бисмилла а даьккхина, салам а делла, Ахьмада доцца д1ахьедира: «Юьртахой, 23-25. 11. 1990 шарахь, Солжа - Г1алахь нохчийн къоман Гулам хилира. Нохчийн къоман векалш бара цигахь дакъа лоцуш. Оцу Гуламан декъахо вара со а, вайн юьртахь билгалвина. Цу Гуламехь нохчийн къоман векалша маршо а кхайкхийра, кхиболу сацамаш а т1еийцира. Т1еэцна сацамаш чекхбаха Исполком а кхоллира. Исполкоман декъахой реза а хилла, цара шайн коьрте х1оттийна Жовхар. Тахана х1ара вай юьрта хьошалг1а веъна. Дерриг ца хаахь а, вайна девзаш ду Нохчийчохь а, Москохахь а долу чолхе хьал. Х1оьттина хьал довзуьйтуш, вайга вистхила а, хаттарш делахь, царна жоп дала а 1алашонца ду Жовхар вайн юьрта вар. Жовхарс дош эр ду. Х1ара аьлла ваьлча, кхуьнга хаттарш дан бакъо хир ю. Цул т1ехьа ала долчо, доцца дош а олуш, вовшашца лераме а долуш, д1абахьа беза вай кху Гуламан болх. «Ма ледар х1ума лелийра гелдганхоша» - бехкинчу хьаьшашна ала, х1умма а дита мегар дац вай» - олуш, цхьаьна ханна сацийра Ахьмадас шен къамел.
Кхечу ярташкахь санна, къоман маршоне болу хьежам бахьанехь, декъадаларш дара Гелдганахь а. Охьахаа меттиг а боцуш, ирахь лаьттиш кегирхой а бара.
Гелдганхойн юьртда вара цу чохь. Сцени т1е кхайкхира Ахьмадас цуьнга.
«Хьо, Гелдганахь юьртда ву тахана. Вайн ойланаш а, хьежамаш а цхьаьна ца баг1ахь а, х1окху Гуламан болх д1абахьар хьуна т1ехь ду» - аьлла, иза декхаре вира Ахьмадас. Юьртахоша, дукхах болчара, къобал дира из.
Г1иллакхехь вист хилира юьртда: «Маршавог1ийла хьо, Жовхар! Советан 1едалехь нохчех дуьххьара хилла инарла ву х1ара. Гелдганхошна сийлахь ду кхунна хьошалла дар. Жовхар юьрта вог1ий шена хьалхе хаийтина хиллехьара, бакъхьа хир дара…»- олуш, Жовхаре дош делира цо.
Шен къамелехь Жовхара паччахьан а, Советан а Россис кху т1еххьарчу 2-3 б1ешерашкахь, нохчийн къоманна т1ехь лелийна харцонаш а, ямартлонаш а, къизаллаш а йовзийтира. 23. 02. 1944 шарахь, бехк-гуьнахь доцуш, нохчий Даймахках бахарх а, Сибарех вайн дайша, наноша, вежарша, йижарша лайначу баланех а дош элира Жовхарс. Москохахь а, Нохчийчохь а х1оьттина чолхе хьал а довзийтира цо.
Шен къамел дерзош:«Цициго ловзо дахка санна, кху т1ехьарчу 2-3 б1ешарахь: шена лиъча Даймахках бохуш, тухуш, хьостуш, доьналлехь верг х1аллаквеш, - хьийзош бу нохчий мостаг1о, Россис. Нагахь: Делан дашехь нисдала а, ненан мотт дебо а, дайн г1иллакх-оьздангаллех ца хада а, Даймехкан а, дог1мийн а дай хила а вай лууш делахь - нохчийн къомо бан безарг цхьаъ бен некъ бац. И некъ, 23-25. 11. 1990 шарахь Соьлжа - Г1алахь хиллачу Нохчийн Къоман Векалийн Гуламо:«Маршо я 1ожалла!»-аьлла, сацам а беш, билгалбаьккхина.
Вай лакхахь ма аллара, деш пусар а доцуш, нохчийн къоман маршо а, латта а шен боьха когашца хьоьшуш ву мостаг1, Росси. Цуьнан олаллийн к1елхьара нохчийн къам маьршадаккхар — и ю со коьртехь волчу Исполкоман 1алашо.
Вайн къоман мостаг1, Росси, ма ярра, евзаш а, Дуьненаюкъара хьал, ша ма дарра, девзаш а ду вай. Барт хилахь, инзаре боккха ницкъ бу нохчашкахь - бакъо вайгахь хиларна. Далла т1е болх а биллина, нохчийн къоман дахар маьрша даккха къахьега нигат динчех волу дела, декхарийлахь хеташ, гелдганхой, шоьга вист а хила, аша бохучуьнга ла а дог1а, шуьца дагавала а дагахь веана-кха со кхуза» - олуш, шен къамел дерзийра Жовхара. 
Цул т1ехьа юьртахошка цуьнга хаттарш даре кхайкхира юьртдас.
Баккхийчарех цхьамма хаттар дира: «Москохара паччахьца (цу хенахь Гарбачов вара СССР президент) дага а ваьлла, цуьнца барт а болуш буй, ахьа бан лерина некъ?» - аьлла.
Джовхара делла жоп иштта дара: «Ваша, аса т1елаьцна некъ, Москохара паччахьца дага а ваьлла беш бац. Москохара паччахьашца цхьаболу нохчий дага а буьйлуш, Россин куьйга к1ел б1ешерашкахь вайн къоман хиллачу дахаран таллам бича, карабац цигахь - нохчашна хилла юьхьк1ам а, пайда а. Россис вайн къомаца лелийна къизалла а, ямартло а, харцо а ю цу дахарехь даиманна гучуюьйлуш. Цуьнан ойла ян еза вайнй къамо….»
«Дела цхьаъ хилар санна, бакъ а долуш - нийса жоп ду иза!» - элира, хозуьйтуш, юьртахошлахь цхьамма.
Дош а дехна:«Жовхар, хьо ламаз деш вуй?» -олуш, шолг1а хаттар дира Жовхаре жимачу стага.
«Ламаз дечо — шена до. Иза ца деш волу лай жоьпаллехь хир ву - Далла хьалха. Цуьнах кхоьруш волу нохчо, шен дахарехь къахьоьгуш хир ву, Делан дашехь нисвалаг1ерташ. Сан болх а бара, сих-сиха Дела дагавоуьйтуш. Нисвалаг1ертачех ву-кха со. Везачу Аллах1а Шен дашехь нисдалар лойла вайна!» - олуш, жоп делира Жовхарс цунна а. Кхин дуккха а делира Жовхаре хаттарш. Доцца а долуш, хаттар делларг кхетош — жоьпаш делира цо.
Дага дог1у, цу цхьанакхетаран жам1 деш санна, юьртхочо, 1алавдин Вах1абас (Дала гечдойла цунна) аьлла дешнаш…
Иза вара 73 шо хирдолуш, куьцехь, къамелана говза воккха стаг. Шен хенахь, Советан 1едало чу а воьллина, набахтехь хан яьккхина вара и. «Доцца, дош ала воллу со», аьлла, ша воллучохь хьалаайавелира и.
Цо: «Имам Шемал Гунибехь мостаг1ашна караваххалц йолчу заманахь, маршо ларъян а, 1аьлбиг -Хьаьжийна т1ера схьа, таханлера де т1екхаччалц, къоман маьршо юхаерзо а нохчийн къомо луьра къийсам бу мостаг1анна, Россина, дуьхьал латтош - кху т1еххьарчу 2-3 б1ешарахь. Шайх Мансуранна т1ера схьа, эзарнашкахь яхь йолчу нохчийн к1енташа а, мехкарша а, ц1ий 1анош, шайн синош д1аделла цу халачу новкъахь. Маьрша хила вайн дайша сатийсина болу и сий долу некъ схьалаьцна, мел хала делахь а, иза бан хьан кийрахь ч1аг1делла нигат - къобалдийраш буй хаалахь Гелдганахь, Жовхар. Кху чохь, шайн хьекъал дацарна, цхьаболчара, ца оьшуш делла хаттарш коьрте а эце — гелдганхойн мах ма хадабелахь. Гелдганхой цкъа ца лаьттина юьстах, Даймахкана т1едеанчу диканехь а, вонехь а дакъа ца лоцуш. Жовхар, хьо коьртехь а волуш, нохчаша маршонна арабаьккхинчу новкъахь, Гелдганахь накъостий хир бу хьуна хьан. Дала аьтто а боккхийла, толам а лолда маршоне кхийдачу нохчашна!»- олуш, гелдганхошна, т1аьхьенна а, мехала хиндолу къамел дира Iалавдин Вах1абас. Дела реза хилда цунна и къамел дарна.
Цул т1ехьа г1аьттинчу воккхачу стага, Юнаса- Хьаьжин Хьабибас: «Вайн чохь волу ворх1 к1ант д1ало аса хьуна, г1онна, ва Жовхар!» - и дешнаш аьлла, дагадог1у вайна …
Иштта х1оьттина хьал а долуш, юьртдега дош ала пурба а дехна: «Маршонна юкъ йихкина, къомана хьалха а ваьлла, и беза мохь шен белшана т1еэцаначу Жовхарна, юьртхойн ц1арах кечдина совг1ат - нохчийн силахь долу чо 1аьржа верта», - олуш, дехьо лаьттачу шен вешера, 1аьндегара, верта схьадихира Ахьмадас.
Юьртахой оцу г1улкхана реза хилар гуш дара.
Т1аккха хьалхарчу мог1арехь хевшина 1ачу баккхийчарех Гагалан 1аха вистхилийтира Ахьмадас, юьртхойн ц1арах…И вара мел халонаш т1ех1иттарх б1о ца къажийначу нохчийн къонахех, наха лоруш, ламаз-марха долуш а. Аллах1ан дика лай вара иза. ( Россица духхьара хиллачу т1амехь, Ичкери Пачхьалкх а, къоман маршо а ларъеш, к1ентан ши к1ант, Рамзан а, Хьаьнпи а - г1азотехь д1акхелхира цуьнан. Дала г1азот къобал дойла церан). Жовхаре цо элира: « Везачу Дала нохчийн къоманна муьт1ахь а, беркате а войла хьо! Дала нохчийн къам а дойла хьуна муьт1ахь! Т1аьхье беркате йолуш хуьлда, маршо кхайкхош, вайн жимачу нохчийн къомо яьккхина доьналлин г1улч!». Гагалан 1ахин лаам кхочушбеш, Ахьмада, шуьйра даржийна, Жовхаран белшашна т1екхоллира сийлахь нохчий 1аьржа верта. Схьагарехь, Жовхар а вара оцу г1улкхана реза.
Иштта чекхделира гелдаганхойн Жовхарца цхьаькхетар. Мел юьртахоша дехарх, инарла дууш, молуш ца 1ийра. Г1улкхаш дукха дара. Деза а, даккхий а г1улкхаш. 
25 шо даьлла, лакхахь вай билгалдинарш хиллачул т1ехьа. Оцу шерашкахь: ямарт, зуламе, къиза Россина а, маршо лоьхучу нохчашна а юккъехь хилларш а, лелларш а, ма дарра, дийцина вер а вац.
Россис а, цунна бохкабеллачу «нохчаша», Даймехкан ямартхоша а, еш яккхийн новкъарлонаш йоллушехь, маршо лоьхучу нохчаша: Жовхар дуьххьарлера Президент а хаьржира, Ичкери пачхьалкх а кхоьллира, парламенто Конституци т1е а ийцира. Ичкери пачхьалкх йохо а, нохчийн яхь йолчу к1ентийн а, мехкарийн а маршоне кхийда дегаойла кагъян а къиза ши т1ом а бира Россис нохчашца. Жовхарс а, эзарнашкахь нохчий яхь йолчу к1енташа а, мехкарша а шайн синош къоман маршонна д1аделла, цу бехха, луьрачу къийсаман новкъахь (Дала г1азот къобалдойла церан).
Кхечу т1ег1ана а баьлла, тахана а бу Россиний, нохчашний юккъехь боьдуш луьра къийсам.
«Ша шун хьал хуьйцур ма дац, аша шайн дегнаш хиццалц» - олуш, хезна вайна, Делан дош девзачу наха. Аллах1ан дош харц хила йиш яц — нисдалар т1ехь ду вайна.

21. 04. 2017 шо.
Лакхахь аьллачунна т1етохар дан лаьа:
Юкъарчу г1уллакхана 2000 шарахь Стамбуле кхаьчнера со. Гермчигара Мусаев Ильяс а, Магомадов Абубакар а (Ичкери депутат), кхин а бара тхоьца. Жовхаран х1усамненан, Аллин, лерам беш, цуьнца цхьаьна кхийтира тхо гостиницехь. Иза яра Франце йоьдуш, ша дехкина сарташ довзийта. 
«Жовхаран дахарах лаьцна тептар яздан нигат ду сан. Гелдганхоша цунна совг1атана делла 1аьржа верта долуш ду. Жовхар Гелдганахь т1еэцарх лаьцна яздарш сайна т1екхачадар доьху хьоьга» - элира, Аллас соьга.
Цуьнах г1уллакх ца хилира сан цу хенахь, бехказло йоцуш, бахьанаш хиларна. Аллин дехар кхочуш деш, лакхахь д1атарбина Жовхарх болу дагалецам язбар нисдели сан - т1аьхьа делахь а.

Хучи Ахьмад

Нет комментариев на "Гелдганхоша Жовхар т1еэцарх лаьцна"

(необязательное поле)
(необязательное поле)
На сайте включена защитьа от спама, пожалуйста, ответе на вопрос для продолжения.
Запомнить персональную информацию?
Внимание: Все HTML-теги, за исключением <b> и <i> будут удалены из Вашего комментария. Вы можете делать ссылки URL-адреса или E-mail.