Деган Iийжам

Январь 18, 2017

Bildergebnis für грозный война

  Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

 «Нохчашкахь тахана долу чолхе а, доьхна а хьал саннарг — дац  цхьаьна а къомехь!» - олуш, вай мах хадийча. Иза бакъдерг хилар т1ечаг1деш, дуккха а тоьшаллаш ду дало. И тоьшаллаш дагарда хан тоьаръяцара вайна.                                                                               

 Амма нохчийн къоманна юккъехь долу уггаре доккхачех лазар а, бала а вай ца хьахийча - цакхетамаш алсам бовла тарло.

 Нохчийн маршоне кхийда ойла а, лаам а кагбаг1ертачу мостаг1ан Россин, цкъа а цадаьллачу кепара, кадаьлла тахана - къоман барт бохо. И ду нохчийн къомах кхетта - уггаре а доккхачех лазар.

 Воккханиг ларар лахделла, дукхахболу кегийрхой шайн лааме бевла, нохчий вовшашна лер алсамдаьлла... Доцца аьлча - нохчашна юккъехь боьдуш т1ом бу тахана.

  17 - 18. 12. 2016 шарахь, нохчашна юккъехь рог1ера т1еман тасдаларш хили Соьлжа г1алахь. Белларш а, лазийнарш а бу. Беллачийн цхьаболу гергара нах махках баьхна боху. И тайпана къизалла ца лело магара - буьйхачу муьжгийчо а.                                                                   

  31.12. 2016 шарахь, т1едог1уш керла шо а долуш, 109 беллачийн чархаш еъна Ростохара Нохчийчу. Мехкан а тезет х1отто даг1ара цу деношкахь. Иза-м муххале а ца дира. Шайн, кошан барз а боцуш, докъаза байна гергарнаш дагабаьхкина, эзарнашкахь болчу нохчийн дегнаш дохийра цу деношкахь.

  11-15. 01. 2017 шарахь, юха а, т1еман тасдаларш а, баларш а хилла Куршлойн коштахь. Путинан хьадалчаша д1алецна дуккха а кегийрхой а бу боху. 

 Вониш дайначу нохчашна, кхит1е а г1ело еш ду и чолхе хьал. Уьш а, кхин а нохчашна юккъехь долчу лазарша гойту, нагахь и хьал дахлахь — къоман кхане йоцийла.

  Кхузехь карлабаккха лаьа, шен хенахь Жовхара (Дала г1азот къобал дойла цуьнан!) къоме бина кхайкхам. Ладог1а цуьнга -

  Путинан хьадалчаш а хилла, цуьнан лаам нохчийн къоманна т1ехь чекхбаккха юкъйихкинчу «нохчашка» бахарх эрна дуй хаьа.                                                                 

  Маршонна г1евттинчу Нохчашка кхойкху, лакхахь, шен хенахь, Жовхара кхоме бина кхайкхам коьрте эцар а, иза кхочушбар а. И кхайкхам кхочушбар, цу хенахьчул а - тахана мехала ду аьлла хета.

   Везачу Аллах1а бакъо толош — харцо эшайойла!

                           

  Лерамца - бакъволу Нохчо.

  17. 01. 2017 ш.

Нет комментариев на "Деган Iийжам"

(необязательное поле)
(необязательное поле)
На сайте включена защитьа от спама, пожалуйста, ответе на вопрос для продолжения.
Запомнить персональную информацию?
Внимание: Все HTML-теги, за исключением <b> и <i> будут удалены из Вашего комментария. Вы можете делать ссылки URL-адреса или E-mail.