Лераме Европера Нохчийн Къанойн

Январь 1, 2017

КхеташонанДекъахой!                                      

Дала могшалла лойла шуна,  беза мохь бу  аша  шайна тIелаьццарг.

Цхьа бакъду,  кхузахь, кху генарчу  паналлехь, тхан дегнашна там беш,  схьахьоькхучу Кавказан лаьмнашкара маршонан мелачу махо,  схьало  шун керахула,  хазачу бIаьстенан исбаьхьа хазаллийн куц - барам. Ткъа  аша,  кхийдадо тхоьга   халкъан  орамашкара,   нохчийн къомехь – дуьненчохь мел  лелла гIиллакх а,  оьздангалла а, и шен чомах талхаза мерза  вайн къоман хазна.

Х I а й! Н о х ч и й н  к ъ о м а н  м а с л а I а т а н   д а й!

Халкъана юккъехь  аша  барт  мел  бо,  вайн  иэсехь   бехара    бу ненан мотт, цIинлуш декар  ду къоман иллеш, денлур ду нохчийн хаза дош – цуьнца, моз санна мерза  хьoмсара ненан мотт.

АллахIа,  диканца  бекхам  бойла  шуна  Даймехкан  Къаной.

Iабдурзукъа Хамад.

31.12. 2016 шо.

Один комментарий на "Лераме Европера Нохчийн Къанойн"

  1. Adin Surho
    Adin Surho on 02-01-’17 16:13

    Allaha – bart boyla siylahshu nohshiyn qoman, cunan ozdashu maslaIatan daychna mogchalla loyla Co.

(необязательное поле)
(необязательное поле)
На сайте включена защитьа от спама, пожалуйста, ответе на вопрос для продолжения.
Запомнить персональную информацию?
Внимание: Все HTML-теги, за исключением <b> и <i> будут удалены из Вашего комментария. Вы можете делать ссылки URL-адреса или E-mail.