Кадаман кехат

Сентябрь 24, 2016

Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

 

Нохчийчохь, Дагаев Валид кхалхарх лаьцна хаам хилла тхуна. Цу хьокъехь халхетаран дакъа кхаьчна тхоьга. Валид, волчарна эшна а ца Iеш, нохчийн къоманна а оьшуш вара. Нохчалла, нохчийн г1иллакх-оьздангалла, къоман яхь йолчу кIентийн а, мехкарийн а доьналла дара цо шен кийрарчу озаца Дуьненна а довзуьйтуш.

 Иза нохчийн къоман воI вара. Дала гечдойла Валидна! Ялсаманан охIла войла цуьнах! Цуьнан гергарчарна иман долуш собар а лолда! Далан кхелана реза ца хилча довлац вай.

 

Европехь а, кхечанхьа а Iар-дахар долчу Нохчийн

МухIажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахой.

 

23. 09. 2016 ш.

Нет комментариев на "Кадаман кехат"

(необязательное поле)
(необязательное поле)
На сайте включена защитьа от спама, пожалуйста, ответе на вопрос для продолжения.
Запомнить персональную информацию?
Внимание: Все HTML-теги, за исключением <b> и <i> будут удалены из Вашего комментария. Вы можете делать ссылки URL-адреса или E-mail.