Нохчочуьнга

Сентябрь 12, 2016

 Картинки по запросу чеченцы в европе

Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

Cина, парг1ато яц кху паналлехь,
Ца хуьлу чомехь, биъча кхача а,
Дог хьостуш, х1умма а дац кхузехь,
Товш-хазлуш ца хета кечваларх а.

Уьш ду-кха вайн, хийрачу мехкашкахь,
Пардо а хилла, ша баллош кийрахь,
Ойланаш, йоьлххе, кхерстаеш Даймахкахь,
Къаьхьа чам, хаддаза, латтабеш легашкахь.
 
Вайн къонахий хиллачу дайша - наноша:
Ларбина, Даймахке болу ховха безам а,
Ц1ий 1енош, туьрца, ийбина маршо а -
Мах хир бац т1аьхьенан, уьш дицдича!
 
Къомехь х1оттина чолхе хьал а долуш:
«Со бакъвуй - хьо харцвуй»- бохуш,
Вовшашна луьйш, к1ел ког туьйсуш,
Нохчашна юккъехь хьийза цхьаберш.
 
Яц, кхане, вай хьийзадарах ц1ога,
Маьрша дахар доцург, нохчийн къома!
Мел хала делахь а, маршоне кхача -
Вижинчуьра, Нохчо, г1атта хьаьла!
 
Доьша хилча, цуьнах кхачо а йина,
Сом кховдийча, къоман маршо а йоьхкина-
И саннарш бу нохчашлахь тахана.
Церан оьмар яцйойла — Дала!

1абдурзукъан Хьемид
23.08. 2016 шо.

Нет комментариев на "Нохчочуьнга"

(необязательное поле)
(необязательное поле)
На сайте включена защитьа от спама, пожалуйста, ответе на вопрос для продолжения.
Запомнить персональную информацию?
Внимание: Все HTML-теги, за исключением <b> и <i> будут удалены из Вашего комментария. Вы можете делать ссылки URL-адреса или E-mail.